Регистраци яр

“Х1емаят“ боху дош 1арбойн a, персойн а меттнашкара схьадолуш ду, цуьнан маь1на „1уналдар“ а, иштта „лардар“ а бохург ду. "Х1ЕМАЯТ" политикаца йозуш а йоцуш, адамин юкъараллин хьаштонна кхоьллина организаци ю. "Х1ЕМАЯТ" 1995 чу шарахь дуьйна Вена шахьарехь ниц1къбаран 1азапех а, т1амах а чекхбоьвлачу нахана лоьраллин а, психологин а, психотерапевтин а 1уналла (г1о) деш кхоллаелла центр йу. Тхан 1уналладар дукхачу хьолехь махбоцуш (ишттанехьа) ду, г1ооьшучеран страховка елахь а, йацахь а. Х1ЕМАЯТ йиллина йу массо а, шайн даймахкахь хилла иза, йа к1елхьара бовла а безна махках бовлуш, оцу  новкъахь хилла иза, кхераме а, лазаме а хьелаш лайначу нахана.