HEMAYAT баккхийчарна

Д1айазбалар муха хуьлу (д1адоьду) Х1емаятехь?

  1. Д1аязбалар: Човхиллачара шаьш, йа телефонца белха хеначохь (Оршот де/Кхаари де/П1ерскан  де 08:00-13:00 хеначохь, Шинри  де/Йеари  де 13:00-17:00 хеначохь), йа Эмайлца (anmeldung@hemayat.org) ян мега регистраци. Дехар ду регистраци йеш тхан регистрацин кеп ANMELDUNG лелор.
  2. Билгалдаккхаран тӀелацар: Регистраци йинчул т1ехьа, шина к1иранчохь з1ене дойр ду тхо, доьххьарлера билгалдаккхаран тӀеэцарца йоьзна йолу хан йиллан. Хан йиллар телефонехула хир ду. Доьххьара билгалдаккхаран тӀелацар 50 минот герга хир ду. Оьшуш хилахь стаг-гочдархо, йа зуда-гочдархо а хила йиш ю. Нагахь санна, психиатрера цамгарах лаьцна сацам белахь а, молуш молханаш делахь а, дехар ду уьш тхуна т1едар. Доьххьарлера тӀелацарехь билгал доккхар ду, Х1емаят т1евеанчунна г1улакхе хьажа нийса меттиг хилар, йа цахилар, иштта х1ора хьоле хьаьжжина х1ун дан деза йа х1ун далур ду.
  3. Хьоьжу хан: Дагахьбаллам бу тхуна, шена цхьана лерина (индувидуальни) психотерапига хьоьжу хан еха хиларна. Хьоьжучу хеначохь, кризисан хьолехь цхьааллин т1елацар хила аьтто хир бу. Цунах лаьцна барт бан йиш ю тхан бюрохула. Дукхахьолехь психиатрин дарбанашна хан йиллар шина к1иранний, барх1 к1иранний юккъахь хуьлу. Нагахь санна, шайн телефонан номер, йа Эмайл хийцалахь, тхан дехар ду иза секретариате хаийтар.
  4. Терапи йолаялар/дарбалелор д1адоладар: Х1емаято шуьга телефон туху, терапи йан аьтто баьлча. Дукхахьолехь психотерапи к1ирнах ц1а хуьлу. Психотерапин йохалла адаман хьоле хьаьжжина тайп-тайпана хуьлу. Психиатарна т1е йолу хенашна юкъахь шин к1ирана т1ера барх1 к1ирана т1е кхаччалца хан хуьлу.

Муха далур ду Х1емаяте г1о?

1. Психотерапи: Психотерапин коьрта 1алашо лазараш лаг1дар, йа уьш д1адахар ю, дахаран халачу хьелашкахь г1о дар а, могашалла тояр а. Дарба лелор дукхахьолехь къамелаш дарца хуьлу. Психотерапин методике хьаьжжина дарбалелор дег1аца болхбарца а, (физически упражненешеш) а кхоллараллин белхашца а хила тарло.

Психотерапи дукхахьолехь к1ирнах ц1къа, 50 минотехь хуьлу. Терапин йохаллах  лаьцна сацам, терапевто шен пациентаца цхьана бо.

Нагахь санна оьшуш хилахь, Х1емаятехь цу г1уллакхна лерина 1амийна болуш гочдархой а бу, психотерапин гоч дан. Терапевташ а, гочдархой а декхарелахь бу деш долу дарба а цуьнан чулацам а къайлах латто а, тешаме хила а.

2. Психиатрин дарба: Цхьадолу молханаш набъяр а, дег1ера ниц1къ д1абалар а санна йолу симптомаш лаг1ъян тарло. Психиатрин дарба психотерапи йолаялале, йа цуьнца цхьана терапина г1о лоцуш д1адахьа мегаш ду. Х1емаято пациенташ (лазархой, дарбаоьшарш) психиатарна т1е хьовса бо, йа царна г1о лаха т1е ваха  меттигаш билгал йо.

 

3. Терапин физкультуран тобанаш: Тобанан терапиш зударашна а, божарашна а къаьстийна дахьур йу. Х1ора тоба хьехархочо а, иштта терапевто а куьйгалла а деш д1ахьуш ю. Когаш т1ехь леларо могашалла а, дег1ан хьал а дика латта до, кхин т1е леррина упражненеш г1о дан тарло наб тоярехь а, лазараш а, кхерам а лаг1барехь а. Иштта дакъалацархоша 1амадо шайна хьа г1оле йо а, шаьш шайна г1о муха дан деза а.

4. Исбаьхьаллин  терапи: Наггахь хиллачунах лаьцна дийца аьтто болуш ца хуьлу. Исбаьхьаллин терапино аьтто бо, кийрара синхаамаш кхеча аг1ора д1агайтарехь: поппарца а, дечигца а иштта басаршца болхбарца кхоллало сарташ а скульптураш а. Ша цхьа х1ума кхолларо шен г1ора а ч1аг1до, шен г1оле мах а хадабойту.

5. Шиатсу: Шиатсу физкультурин терапи ю, Х1емаято психотерапица цхьана йан йиш йолуш схьаоьхьуш. Массажца юьстича Шиатсу т1ехь бедарш а йолуш йеш ю. Шиатсуно ша лазаршна а, дилха дуладаларна а, наб йохарна а доьхьала ч1ог1а пайдехьа гайтина, цо дикачу аг1ора г1о до шен дег1ах кхетарна.

Муьлхачу хьолехь г1одан аьтто ца хуьлу Х1емаятан?

Х1емаят бакъонаш ларярхошца а, йа социальни белхалошца а болх беш яц. Цундела тхан аьтто ца хуьлу х1усам лахарехь, йа болх лахарехь, доьзал цхьанатохарехь, йа азульца долу г1уллакхаш т1ехь г1о дан. Оцу тайпанара хьаштонаш йерш, оцу г1уллакхаш т1ехь леррина болх беш йолчу консультацин центрашна т1е хьовсабо оха. Тхан т1елоцу хан еха хиларна, тхан аьтто цахуьлу г1ооьшурш сихха т1елаца, цундела, готтар сиха г1о оьшучохь, т1ехьовсон адресаш ду (лахахь хьовса).

Деэшначохь т1евоьду адресаш

Тхуна дагахьбаллам бу, г1аддайначохь сихха тхай г1одан аьтто цахиларна.

Деэшначохь дехар ду х1окху адресашца т1е даг1ар:

Sozialpsychiatrischer Notdienst

Akutpsychiatrien

Чов бохург х1ун ду?

Дола дан а ца луш, дахарна кхереме а долуш т1ехиттинчу (лайначу) хиламех психологически чов а, иштта син чов а олу. И чевнаш бахьан долуш кхин а талхоран т1аьхьалонаш хила тарло: (сов х1ума а дац хилла чулла). Човхилларш шаьш хийцабелла хеташ а, кхоьруш а, наб яйна а, г1о г1енаш гуш а, дег1о сагатдеш а иштта дера а, агрессивни а, йа тидам т1ебаг1ийтарца халонаш йолуш хуьлу. Иза кхеташ ду, и санна долу могуш цахиларна леткъа дар а, проблемаш а т1аьхьа гучайевриг хилар- шайна зе хилларш Австри махкахь болуш. Дукхах йолу чевнийн т1аьхьалонаш чевнел т1аьхьа хулуш йолу стресс а, кхоьраш хилар а иштта депресси (г1айг1ано, балано таӀийна латтар) хуьлу.

Чевнаш хиларо тайп-тайпана реакци а, симптомаш а гучайовларна т1евига тарло.

Дукхахьолехь хуьлуш йолу симптомаш а, латкъамаш а буьйцур бу вай бухахь. Нагахь санна, вай билгал яьхначу симптомех масех цхьана юх-юха а гучайалахь, схьахетарехь чевнийн т1аьхьало хиларан билгало ю иза. Иштта хьал корматаллин говзанчашка билгал даккхийтича г1оле хир ду.

  • Юх-юха а чевнаш хиларех лаьцна карлабуьйлаш болу сингаттаме дагалецамаш: уьш гуча бовла тарло г1о-г1енаш гарца а, т1аьхьара ца довлучу д1аэхаршца а. Наггахь човхилларш хеташ хуьлу, хьалха шаьш лайна кхераме хилам юха а т1ехоьттинчу санна, шайна хеталуш дерг йа бакъдерг вовшех къасталуш ца хуьлу уьш.

  • Хилла чов дагайоуьйта меттигех а, ойланах а, синхаамах а иштта хьолах а къахкар.

  • Човхилларш наб ца кхеташ а, наб ца йалуш а хила тарло; уьш хуьлу кхераме болуш а, кхоьруш а, сиха карзаха бовлуш а иштта юха синтеме  бахкарехь халонаш йолуш а. Керла хаам хала схьаэцарехь а, х1уманна тидам т1ебаг1ийтарехь а иштта ша волу меттигна хьесап дарехь (ориентаци) а халонаш хуьлу церан.

  • Дукхахьолехь човхилларш хуьлу схьаийна боцуш шаьш шайлахь чукъовлабелла а, догдиллина  а, ессаллин а, самукъа ца даларан сингаттамехь а. Иштта лазамца т1е оьцу цара бехке хилар а, эхьхетар а.

  • Ц1ац1къа, лоьрашна шен хиларан бахьанийн бух ца карош долу лазарш а, кортахьийзар а, догкерчар а гуча долу. Ч1аг1елла мацалла а, аппетит д1аялар а хила тарло.

  • Царех цхьаберш дег1ана ниц1къ бечу симптомаша могашаллина зене йолу х1уманаш лелорехь алсамбовларна т1ебуьгу, масалла цу юкъе йог1у: алкоголь, тонка, кхийолу цамагийна х1уманаш а.